18+
Специальная версия
Рекламный баннер 990x90px header-top
Балтийское время
21:40
Воскресенье, 19 июля
Рекламный баннер 990x90px header-bottom

Ассаламу алайкум

Ассаламу алайкум! Тахана вайн махкахь даздеш ду Нохчийн меттан де! Х1окху дийнахь вай д1агойту нохчийн матте вайн болу безам. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала г1азот къобал дойла цуьнан!) муьлххачу а гуламехь нохчийн маттахь къамел дора. Иштта цхьаьнакхетарехь нохчийн маттахь къамел деш ву вайн Лераме Мехк-Да Кадыров Рамзан. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала г1азот къобал дойла цуьнан!) олура: «Шен Ненан меттан сий дар - шен къоман сий дар а ду». Ас даггар декъалво Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан, иштта декъалбо берриге а махкахой Нохчийн меттан дезачу денца! Дала могашалла а, аьтто а, ирсе дахар а лойла вайна! Дала т1аьхье беркате йойла вайн!
12:05 25.04.2025 16+
485
Выбор редакции
Рекламный баннер 990x90px footer-top